Наб

Ма мерза хуьлу хьо наб,
КIадвелча ца ло хьоьх Iаб,
ДIатойжича ахь лоций хьо,
Хьай гIенашка ахь вада во...

Вижаза йаьккхича хан,
ТIе гIерта и маьрза гIан.
ГIора доцуш лела ца ло,
Набаро дегI догIа до!

Дей-буьйсий Дала делла ду,
Шен ражехь хан уьдуш ю.
Набаро вай Iеха до,
Цо дахаран хан лачIкъа йо…

Инзаре гIенаш вайн го:
ТIома дуьлуш, стигалла хьо,
ГIенашкар марзонийн чам,
Чекхболу кхачийча гIан.

Иштта ду самаха хьал,
ХIораннаъ кхочуш ю кхаьл,
Дуьненан марзонийн чам,
Чекхболу кхачийча хан!

21.09.2023


Рецензии