Пуьтш

Ма биттлахь хIилланца пуьтш,
Хьайн къамелаш хилалахь луьтш.
Пуьтш буьттарг йоьхь кIай хира вац,
Къонахчо нах лебийра бац!
 
Пуьтш буьтчо къинош лета до,
Адмашна цо зенаш до.
Ша делла долу дош ца лардо,
Даимнаъ баланаш бо.

Харцоно цIе йожайо,
Ойхьазло цо яржа йо.
Нахаца уьйраш хедайо,
Сийсазвой стаг хIаллак во!

Ма биттлахь нахана пуьтш,
Дезар ду лела хьан уьдш.
БакъонтIехь ма вала гал,
Дуьненчохь хир дац хьуна хал!

20.07.2023


Рецензии