Сан Да

Ма к1езга хан хилла,сан Да,ахь ехнарг,
Ца лоьхуш парг1ато, да1анза са,
Дити ахь х1ар дуьне, вахаъ ца вехаш,
Т1аьххьар са д1адаллалц,хьийгира къа.

Безачех ца 1ебш, хьай дег1 ца кхоош,
Айхь динчу диканех ца волуш токх,
Даимна г1айг1ане, наб яр а доцуш,
Синтем болш, ца хици маршонан ког.

Массарна дик хилар дара хьун коьрта,
Боберий дог хьостуш, хьакхара  куьг,
Мискачун  г1о лаца  вара хьо кийча,
Делахь а, кхоъвелла велар хьо цуьрг.

Дависа дуьне хьан, ма дац хьо мехалла,
Де - нена йовхоно  хаздеш  ду  хьо,
Юкъарло д1аяьлча  я зезаг доьжча,
Шелоно  чехорца, идош  ду  хьо.

Маржа 1ъ, дика Да, хун ду хьан меха,
Хьо воцуш йоккху хан бодане ю,
Хьан хьалхе д1авахро 1овжийна кира,
Тахна а багош бу, доьлхач даго.

30.11.23шо


Рецензии