Гуьйрено йиш йоли

Гуьйрено йиш йоли, халхар к1еж туьйсуш,
Г1а доьжна мехашца,басе,хьуьн къовлуш,
Еъна схьакхечи хьо,х1ай дашу зама,
Паччахьах таръелла, хаз духар доьхна!

Мохо маркъуьйлу хьан ц1аьстана месаш,
Шийлачу тхино шец йуьлу хьан беснеш,
Гуьйренан стоьмашца юьйцина к1ажарш,
Бес-бесар г1аш юкъахь 1уьллу дог дуьзна.

Камаьрша куьйга хьайн совг1аташ даржош,
Хьийза хьо хазаллийц, ойланаш яржош,
Кхуьйлинчу туьйранах тера ю гуьйре,
Тийжачу узамца кхочу и даге.

Не1аргахь лаьтташ ю рог1аллийн аьмгар,
Шийла хьоь хьоьжуш, шен бедарш а нисъеш,
Кочара шах дина туьтех каъетташ,
Лайх йина кетар шен дег1ах а хьерчош.

Хьо йоха ма йоха, т1е кхочур аьхке,
Цо дуьне дохдина, кхачор ю чеккхе,
Юха а хезар ю г1арг1улийн  илли,
Дашочу духарца кхочуш вайн гуьйре!

17.11.23шо


Рецензии