Уггар т1ехдика!

Цомгуш хилар хезна, ваг1ара сихвелла,
Хьажа х1отта гергарчу, йоккхачу стаган,
Маьнге улле хиъна совг1аташ д1аделла,
Хьестир из, к1еда там беш цуьнан деган.

Ва, ма безаме йуь-кх, хьан стомма ч1аба,
Къоналлехь хьо  т1еххаза йара ма бахар,
Алахь, хеттира ас, сий долу, хьоме Баба,
Маре а ца йодуш, х1унда даг1ийти дахар.

Суьйренга кхачарха, йехха шерийн йорта,
Шек йац хьаьнг-хьаьнга а, маре ца йахна,
Элира цуо йолуш, захалонаш дара шорта,
Къайлаха дуьйцур ду, муьлхуг ду бахьана.

Жима йолуш бара, дукха нах т1ехьийзаш,
Деший-детий д1аэца, йола бохуш доьхуш,
Корта бацара царах цхьаьннах а хьийзаш,
Сайн дагахь уггар т1ехдика к1ант лоьхуш.

Цхьана дийнахь  шовдане хи дан со йахча,
Даго лехна к1ант вара мерза суна воьлуш,
Амма довзар-м дах ца  делир, д1ахьаьжча,
Иза а хиллера, уггар т1ехдика йо1 лоьхуш.

Хьетахь дуьйна хьоза санна  ахб1ешо даха,
Шо хьалха везар гира  хьалха ас сатийсина,
Элара цуо, ца  карийра йо1 хьоьлла дикаха,
Т1ехдиканиг лоьхуш цхьа а йоцуш виссина.

Ишттаниг жима йолуш дуьхьал а ца велира,
Дог доьлху, тхан тачанаш вовшах ца кхетта,
Безам ца  хилча марелла  дезаш ца лийлира,
Дуьненах догц1ена чекхйолуш нийса а хета! (С) 08.11.23.


Рецензии