Сан ваша...

***
Б.М.

Сан ваша,
дуьне доькъуш,
Вай цIера девлла хилла.
Ламаз деш санна доькхуш,
Вай вешан некъах тилла
Некъ лоьху,
хьакъ схьадоьху.

Дуьнено лерг ца ухьу:
Вай тIаьхьадисна, боху.
Ца дуьйцу — маца, муха
Тилла и вайна догIург
Кху хенах,
кху дуьненах.

Малхбале йа Малхбузе
Верас йан мила гIерта.
БІаьрг белха йа бIаьрг буза
ХIун ду вай леха, хетта
Цигахь —
йа игIахь, йа мигIахь.

Эхарте луьйта лоцуш,
Маса да вайна вели,
Тезетахь Iен да воцуш,
Йукъархо хуьлий Делан,
Шех тилахь,
деш вай къилахь.

Вай Далла дуьллу има*
КIезга ду, царна гергахь.
Йа цара боххург дер ахь,
Йа динехь дац хьан Iилма —
Хьан сагIа,
ламаз, марха.

Дуьненан а ву шен верас,
Дуьне вайн «декъалдина», —
Совет-цавет импереш.
Вай девлла, цара дийна,*
Ца хилла,
уьш ца хиллехь.

Акха вай — цIийнах дина,
Боданах даьхна серла.
Даха вай къобалдина,
Шайниг бен, боцуш кхерам,
Ткъа шайх тилахь,
деш вай къилахь.

Бух боцуш вуьйлий баьрче
Иза йа важа вайна?
ХIу санна хохийн Iаьрчех
Дужу,
дIабаьржаш шайна, —
«дІабийнарш»
церан тIебийлла.

Цаэшнарг царна арахь,
Вайн хийра хилла вогIу.
Махьарх* верг вайн цIахь валахь,
Вай сихло кIарлагIа йогIа,
ЦІе кхолла,
и дийна дIаволла.

ХIетте а йесаллин бен
Дац царна «доькъуш кхаьчнарг».
Латта къиэ мел дели бен,
Хенан церг-кхела ца хаьрца.
Вай ойла
цу хенах йойла.

Хьешах бен баьрче ца доьхуш
Хьекъал а, хьекъалан да а,
Гуттар а ара лерг доьгIу.
Чекхдаьлла хIара деса дахар, —
Цхьа зама хир йай вайн зама-м!

Вай ойла цу заманах йойла,
Вайн ненан маттахь и йойла.
Таррашца
даккхацаделларг,
ТIулг буьллуш
доттацаделларг
ХІоттор ду, дина ша дашо,
Вайн нохчийн меттан цу дашо.

Абдулаев Леча 2002 шо
____
*Ийман
**Цхьамма дlавийначохь ваьлла вац, олуш ду нохчийн.
***Дех а, нанах а цlенна схьаваьлла.

[агlо — 86-88]


Рецензии