Оццул аьзнаш...
дешнаш леха дезча,
суна, суо мотт Iамо гIерташ воцийла, хаьа,
co,
нохчийн мотт,
хьо дагабаийта гIерта.
Оццул баланаш лайна сан къам!
Дуьнено,
ша довза гIерташ,
шен букъ тIехь
бIешерех хилла шеддаш-баьрзнаш охкуш-зуьйш,
со
цу суьрте хьоьжу,
шерет хиллачу ден бахаме санна.
Кху дуьненан суна цатоьънарг цхьаъ ду —
дуьххьарлерчу пайхамаран доIа-весет.
Кху дуьненна ас гечдийр доцуш а цхьаъ ду —
и доIа-весет сайх хьулдар.
Абдулаев Леча 1998 шо
Свидетельство о публикации №123102305201