Гуьйренан туьйра

Деза суна самах долу, бойн гуьйренан туьйра,
Хама бо комаьрша тав-беттан исбаьхьаллина,
Доллу са долу х1уманна баржабо цуо шуьйра,
Даймехкан къорза куз, токхонаш схьайиллина.

Гуьйренан хазалло дахийна аренаш, хьаннаш,
Бай т1аьхь г1ург1езаш дайн халхар хьийзадо,
Тхиш эгадеш доканан дуткъа эг1аза гаьннаш,
Меллаша к1еда техкадеш дургленаш ловзадо.

Д1акхидадо буппалгшна ц1ен хорханаш датто,
Чухьоьжуш дахкаран, 1омана мокха куьзганна,
Шен хьорматаш сешна вахьэгадо кхуран дитто,
Зуьнаш а д1аьмнаш а гуо бина 1ожан оьланна.

Д1ахьерчайо маша-речъа гезго, набаре уьхуш,
Тарсало б1араш д1алехьош харане чукхоьхьу,
Чано чухьоькху моз, 1ай тоьлане йожа кечлуш,
Зингаташ т1ах-аьлла туьйлиган поппар хьоьху.

Аьхкено шех тешийна  жил1аламан верасалла,
Хьаьжжина т1аламе д1акхоьхьу гуьйрено атта,
Цхьадолун олхазарш оьшу къилбехь д1алалла,
1а доккху дийнаташна деза, доладеш т1елатта.

Зазанаш схьакегош, хьовзабо  корта б1аьстено,
Ойланза д1а-схьа идош 1а даьккхин  эса санна,
Аьлларг а динарг лоьруш жам1 дойту гуьйрено,
Г1алатлонашха ларвалийтуш т1ейог1учу ханна! (С) 23.09.23.


Рецензии