1аламате б1останаллаш

Хиламах дика кхета шех белахьа хьакхабелла,
Ларамза хало а, аьтто а ц1аьххьана схьакхочу,
Тоамаш-эшамаш г1урте вовшаха хьарчабелла,
Цхьанне а ца хаъ царах шена кхана х1ун кхочу.

Х1умане хьаьжча улле б1останалла х1оттийна,
Бакъонца-харцо, ачонца-безам, хьоланца-къел,
Мел дерриг хета, гоман-ч1оман д1асаластийна,
Цхьаъ вукхуьнца хьоькхуш заманан ченан к1ел.

Хьестайо аьхке, 1аьнан шелоно дег1 човхадахь,
Мацалла гича, шира бепиг оьцу лаьттара хьала,
Хастам бо могашаллийн, лазаро легаш 1овдахь,
Харцоно хьаьшча йоьвза бакъонан сийлахьалла.

Собаро лам хоьрцу сихалло  лехьадо там боцург,
Вуьззина къонах ца хуьлу собаран йалхо вацахь,
Дериг доцчуха а хьоьгу долчуха хьегарха доцург,
Кхолламо шенан деллачуннах пусар деш дацахь.

Хьолахь а пайда бац  сутаралло реч1ане лацахь,
Неца бо х1улийна 1иллинчу, беза сурам куйнаха,
Стаган 1илма 1амор эрна ду хьекъале из вацахь,
Бух боцу шелиг дузлура дац хи мел чудиттараха.

Схьах1иттадо  дуьнено 1аламате  б1останаллаш,
Шен хьетал-металшна сан хетарганна ладуьг1уш,
Беттан  буса д1атийна, йоруш церан къайлаллаш,
Седарчех  йуьзна т1еххаза стигала ойла йуьг1уш. (С) 14.09.23.


Рецензии