Ткъе итт шо

Дагахь а доцуш, хилла йезар гира, тахана,
Хоьттура цуо соьга, хьан маса шо кхаьчна,
Элара цуьнга ткъе итт шо дузура ду кхана,
Хьаьжира иза шеко б1аьргашна чукхаьчна.

Ва-х1ай олуш, цхьа боккъалена цецйаьлла,
Итт шо хьалха а, ахьа ткъе итт ду ма элара,
Ву хьо лоруш бохур цуо, билггал галваьлла,
Х1ун бахьана ду хьан хан дика лаг1йалара?

Х1ан-х1а, дагарда-м хаъ суна, дукха ч1ог1а,
Элара ас из йух-йуьха ахь хоьттуш вац реза,
Итт шо хьалха, ткъе итт ду алар а, дагдог1а,
Кхета соьх нийса, стега дош цхаъ хила деза.

Дуьне мел хийцадаларха, хьо вац хийцалуш,
Аьлла д1айелайелира т1аккха из, г1адйахна,
Дохко йуьйлу сом итт шо хьалха хаза йолуш,
Ойланза куралла йина  хьоьга маре ца йахна.

Д1адахнарг духа  ца дерза мел  дарха дехара,
Элара ас, дукха хан йуь со цуьнца къаьстина,
Ирс дайна шира  безам, эрна ду йуьхабехара,
Догдалар дог1ур ду йуьха, баьрхиш даьстина.

Сингаттаме хила хьашт  дац дахар д1аидарха,
Тайп-тайпана башхаллаш йуь-кх х1ора ханна,
Замано  меллаша  сатийсамаш шеца бах1арха,
Хьекъалалла  кховдайо бехказлонан заг1анна! (С) 07.09.23.


Рецензии