Дека хьо, олхазар!

Дека хьо,олхазар,б1аьстенан гаргол,
Хьайн хазчу иллица туобо ахь машар.
Самукъне, сирла де къагадо гуттар,
Хета-кха, схьахезарг болш санна пондар.

Ма хаза кхоьллина дикачу  Дала
Сов мерза х1ар дуьне,къагош кхун 1алам.
Бес-бесар стоьмашца гойтуш вайн аьхке,
Хазаллин суьрташца тухуш б1аьрг Махке.

Сий долу Нохчийчоь ехийла маьрша,
Хьо тхуна ма гойла кхуьйлина,1аьржа.
Даймаьхках йоккхаеш,ехийла Нана,
Г1айг1ано йожина ма гойла цкъа а.

Ма хаза,ма зевне бека хьо,пондар,
Раг1о чохь хоьттина ч1ег1ардгин ловзар.
Сема ду,сирла ду олхазрийн иллеш,
Дог-ойлий г1аттаеш,ловзарца тоеш.

Ехийла Нохчийчоь,боккхуш вай толам,
Дахарехь хоьцуш шен парг1атон орам,
Дерриге дуьнено Нохчи къам лоруш,
Дегнашкахь дека аз,денна самдолуш.

24.04.17г.


Рецензии