Дахар

Т1ай доцу хи санна ду хьуна дахар,
Нагахь хьай ойланца хьо лелаш вацахь,
Малх боцу де санна хир ду хьан дахар
Къахьега бераллехь 1емана вацахь.

Къор тоьхна кха санна хир бу хьан бахам,
Нагахь и т1егулбеш денна хьо вацахь,
1у воцу жа санна даьржар ду дахар,
Кхуьлина де деъча корта ахь лацахь,

Беркате,самукъне хир ду хьан дахар,
Неха дог дилхича дог доьлхуш велахь,
Даимна совбуьйлуш хир бу хьан бахам ,
Нахана там хилча,кхаъ хуьлуш велахь.


Рецензии