162 Тlаьххьара гиначу
Дийцархьама дуьйцуш доцуш,
Ала, дийца воьллачохь цкъа,
Дала хийцам боьллачохь цкъа,
"Хийцавелла, дийца ваьлларг"
— олуш, хьо ма lана йаьлла.
Мичахь латтон деза дош,
мичахь гlаттон деза дош,
ца хаьара суна-м иза,
дара иза шога къиза.
...Дара деза даг чохь къийла,
иза текхош вуьйжи хийла,
вуьйжи гlатто аддам воцуш,
кховдо куьг, йа дарба доцуш.
Мохь дlаэца дош тlелаций,
Аз дlаэца аз тlелаций,
инкарло а йита йолччу,
мукlарлонна хийра йолччул.
Кху бlаьргашкахь дисина хиллачу,
кху бlаьргашна тlаьххьара гиначу
суьртахь йехаш йу хьо соьца,
мел лаарх дог дlа ца хоьцуш.
Со веххачул йаха йоллу,
со лаьттачул латта йоллу,
хьо кху даг чохь соьца иштта,
цу хьайн хазчу бlаьрахишца.
Свидетельство о публикации №123063006781