Сан каш

Йисина дайбаьхна сан хьоме юрт,
Кешнакахь IиндагIехь лаьтта сан чурт.
Дуьнен рицIкъ чекхдаьлла, со велла ву,
Юьртара кешнашкахь сан хIусам ю.

Эхартахь готта ду, тIуьна ду каш,
Барзахахь*  хан ларош, синош ду Iаш.
ДIадаьлла сан велар, самукъа дац,
Дуьненан бахамах со хьоьгуш вац!

Волахьа сан ваша, йитахьа юрт,
Тиш делла, раздаьлла, сан кош тIехь чурт.
Дукха хан дIайаьлла цIандаза каш,
Сан кош-барз хьулбина, охьа эгна гIаш...

Зияртан хьо варе со хьегна ву,
Лахьтийчохь тахана сом гIийла ву.
Волахьа сан каш тIе, гайтахьа хьо,
Вехахьа доггаха ахь Деле со!

15.06.2023


_____________________________________________

*Барзах – Адам деллачул т1ехьа, къемат де даллалца
синош эхартахь йоккхуш йолу хан.


Рецензии