161 Диси и

Хьуна хlетахь, соьца карийнарг, хlинца а къона лаьтта,
суна хlетахь хьоьца карийнарг-м, къаналлина букар лаьтта.

Хьоьгарчу дошана жоп хилла гlаьтти сан дош а,
хьоьгарчу пурбанца даьккхи цуо безамна каш а.

Дерриге хьо цхьанна,
дерриге со цхьанна,
хилла и ца диси тахана.
...Ца диси, оцу хьан бехкенна бехк боцчу безамна хьаьхнарг.

Диси и суна а
диси и хьуна а
lовжаме хилла.
хlоьтти и
хьуна а,
суна а
дегнашкахь сийна цlе йилла.

Хьо бен кхин безаман чам барий дуьненахь баккха?
Хьо бен кхин lехаван гlан дарий
набаре даккха?
Йа со бен хьан а ма йацара безаман марзо,
дахарах йоккхайеш хьайн даге самукъа даржон!


Рецензии