Дохк

Вай лаьттахьа даьржина дохк,
Цо хьулбина къайла баьккхина мохк.
Дохк юккъехь гуш хIумма а дац,
ХIу хилла цхьа а хууш вац.

Кегий нах ара бовла йиш яц,
Даьхнешна да амал дац.
Бакхий нах гIайгIане бу –
Неха дегнаш сингаттаме ду…

Къаночо сун хьехар до:
«ХIар дохк вайн хьедала тарло,
Хьай говрашна яъхIума ло,
Дохк даржалца некъа ма гIо»!

Цо дуьйцучуьнг ас тидам бо,
Сайн говрашна бецан цIов ло.
Хастам беш – болх Деле ло!
Дохк даржалц ас собар до.

Цхьаболчар собар ца до,
Чухоьхкуш говраш хIаллак йо.
Куьйгашца дIаса лоьхкуш дохк,
Моьттуш шайг цIанлур бу мохк…

Кхиболчар са ца гаттадо,
Дохк юккъехь зуламаш до.
Дохкано цер къинош лечIкъа до,
Царна моьтту шаьш Далла ца го…

ЦIеххьана чекхдели дохк,
Серла бели дуьненан мохк!
Адамаш ца кхеташ ду,
Шайна гинариг моьттуш гIан ду!

13.04.2023


Рецензии