Ма хила сингаттаме Нана

Ма хилахьа сингаттаме, сан Нана хIай,
Дийцахьа, хьан кийрахь цхьа бала бай.
Хьо гIайгIане карийча сан даго ца лов,
Хьасине хьо гича, сан сингаттам бов!

Жималлехь со кхиорн ахь халонаш ловш…
Декхарлар вер вац со хIара дуьне довш!
Нана ас доьху, ма гаттаде са,
Хьо гIийла йолуш цагайта ас дIалурдара са!

Тахана рицкъанна сом лелаш ву,
Дайх дисна Iадаташ со ларрош ву.
Ма хилалахь сох шек хьо, сан Нана хIай!
Йоьхь Iаьржа хоттарах сом ларлуш вай!

Хила хьан дог дика сан Нана хIай!
Елалуш самукъа даккхахьа вай.
Дуьненчохь ирсенна безаман чам,
Ма бойила вайн Далла, цкъа а йоккхучу хан!

29.09.2022


Рецензии