Къонахчуна

Къонахчун т1е диллин ду дахар доцург массех дукъ:
Доттаг1а, къонах, дик к1ант, да – дерриг декхар ву хьо ла.
Хоьттуш хьоьга вацхьун цхьа а, алар доцург,ву хьо да,
Собар оьшуш йог1у хан, дика  хаъ хьун цуьнан чам.
Харцо, хало, лазам, дов - бу и такхо онда ц1ов,
Амма ахь ца лайнарг дац, Дела дерриг ца гуш вац,

Дина дика дайна дац, собарц вериг эшна вац,
Аллах1 волийла орцах хьуна, ларбеш х1ора боккху ког!
Ирсе дог1уш массо де, махко йохуш дика ц1е,
Х1усмехь лаьтташ има-беркат, доьзалш лоруш вина де!
Сирла хийла ерриг хан, г1айг1а-балех хуьлуш г1ан,
Вайн къегина хаза г1ала санна, хазлуш йисна хан!
   
27.05.23г.               


Рецензии