ЗАМА

Зама вай хоьржуш ца йогIу,
Замано хоьржу-кха вай.
Дуьненан ражехь хан йоьду,
Сих цалуш боларца дай.

Селханний – кханенний юккъехь,
ХIора денна вай лаьтташ ду.
ТIейогIучу хене маьл дийларх,
Вайн даимна карар хан ю.

Кханенах бохар ду тахна,
Ам селхана юха хир дац…
Вайн дахар уьдуш ду денна,
Ишта ду кхолламан васт!

Мел гIаьртарах – эрна ду хаълаш,
Де-буьйси рагI хедаш яц…
Кхолламан мохь бу хьо зама,
Iожалло бен хьо сацош яц!

Зама хьо йуха ца йог1у,
Хилаз дерг вайн хууш дац.
Чаккхе йоцуш цхьаъ йоьххье яц,
Даимнаъ – Дела цхьаъ бен вац!

Лаьтта тIехь хьун гина зама:
Доьналла, къонхалла, яьхь,
Уьш санна хьун гинакха зама,
Осала, аьхь доцу нах.

Дуккхаъ бара сонталлах буьзна,
Моьттуш шаьш такхор бу мохк…
Мичахь бу зама уьш тахна? –
Цера даьIахкаш лаьттаха йохк!

Замано яързайо чевнаш,
Цо даьрзадо даго мел лайнарш.
Зама хьун ганза хIун дисна?
Ахь Iовжоза цхьаа ца висна!

Собарде, доьху ца оьша,
Хан ларъян, иза тIаьхьара таьтта…
Шен болар цо хийцина дац,
Вай цунна дан хIума дац!

Дахар мел инзаре хета,
Са бIарздеш хан ларйо вай.
ЦIеххьана тидам бой кхета –
Цу хено дIахьош ду вай…

ДIадаьлла де кхи ма леха,
Яхна хан кхи йогIур яц.
Ларъелаш шайн хан аш тахна,
Кхана хиндерг вайн хууш дац!

17.10.2022               


Рецензии