Хьан суьйрене...

Хьан суьйрене вижа вогIуш,
Хьан Iуьйрене гIатта вогIуш,
Ца леллера, ца леллера,
Хьан гIенашна вицлур бохуш.

Меттан марзо хьан дош долуш.
Деган лазам хьан къа долуш,
Ца леллера, ца леллера,
Хьо бен дагахь хIума долуш.

Хьан некъашца ког галбуьйлуш,
Хьан тархашца букъ пелбуьйлуш,
Лелар бохуш ца леллера,
Хьан дог кхаьрдарш тIаьхьа боьлуш.

Йа мотт хууш мохк белара,
Йа мотт сецна со велара,
И хьан цIарах хеза хабарш
ХIун ду хаа йиш йелара.

Абдулаев Леча 1998 шо


Рецензии