Нена нана

Нен, ненан т1ехьа юьжуш
Цуьнан марахь кхиъна со.

Куьг а лоций йоккхар кет1а,
Нана лар еш 1ара тхойша.

Дог хьоьстуш, г1айг1а эшош,
Дешнашца там ба хаьа хьуна.

Хьан хаза б1аьргаш,кхетаме дог,
Хьан хаза г1иллакхаш, хьа хаза елар.

Хьоьл деза дац х1умма а дилла.
Хьоьл уллер дацкха са х1умма.

Со бахьанехь, сингаттам хиллехь,
К1инт1ера ялалахь,хьийздарна  са.

Ца хилча йиш йоцу дахаран седа,
Ма гойла цкъа суна хьан б1аьргар хи.

1индаг1а хилла ехар ю хьуна,
Дала хьо суна латта йойла!

Дахаран хало ма гойла,
Дала хьо декъала йойла.


                Яхиханова Л.Н


Рецензии