Ачо!

Жимчу стаго тъехьиза йо1аца,
Аьхкенан бешахь, схьавог1уш,
Пхьидан, кхоссаелча ц1ог1аца,
Г1аж ийцар, тоха дог а дог1уш.

Цецйелара йо1, макхера  аьлла,
Бецан пхьид гина йацара хьуна,
Къежир важа, йеза олуш лалла,
Хьалалелха а ма ца оьшу цунна.

Стиглахь хьарг1о гуо хьовзийра,
Сингаттаме, шийла, г1ар тоьхна,
К1анта шен б1аьргаш къарзийра,
Лаьттара шин тъулгаха катоьхна.

Ма тохалахь  элар йо1о, д1авала,
Х1унда ву хьо, ч1ог1а син1аьржа,
К1ента мохь белар, из йен валла,
Ирча г1овг1а новкъа йуь йаржаш.

Бусулба стаг дера гича, халахета,
Мохь туьйхира йо1о, д1аълестан,
Муха мега г1ийла дийнатаха лета,
Къизаллийца хила  веза къаьстан.

Ойланашка баг1ийта хьайн корта,
Хьийзавахь къизаллийн хьогалло,
Веза хьо сихха лазартне чуг1орта,
Ачонца хададайта сонта гергарло! (С) 15.08.22.


Рецензии