Бералла

Iаьржа буьйса, мох бу коре хьоькхаш,
Диттийн генаш мохо лестадо…
Жимчу кIанта тховса наб ца йо,
Синтем байна корехь Да лара во.

Генахь хезаш угIуш жIаьлеш ду,
Жима дагчохь йоккха шеко ю…
Нана кIанта йижа юьтуш яц,
Хеттарш до цо Дена сагатдеш...

ЦIаьххьана арахь ковнехь татнаш ду,
Когийн болар кIантан девзаш ду.
Дех бIаьрг кхаьтта ловзаш неIре уьду
Дагна хьаам хилла хIинца иза вуьжу!

Де сий ломан раьгIнийн баххьел лекха ду,
Дегахь доьналла, хьекъал  хIордал дукха ду,
Хьуьнар долуш, аьчкал чIогIа ву,
Муьлхача пхьерал говзаъ, каде ву!

Метта ваьлча кIанта наб ца йо,
Боданехь цунна Iаьржа гIаларт го,
Лерехь Дега меллаша шабарш до
«ГIант тIехь хиъна суна адам го…»
            
Дас хьала гIоттий серлон чиркх латбо,
Улле вахча гIант тIехь кетар го.
Доггаха воьлуш Дас к1ант Iехаво,
«Кхоьруш-м вац хьо?» - бохуш бегаш бо...

…Цулла тIехьа дуккха шераш дIаихна,
Жимчу кIантах тахна стаг хилла…
Стеган хIусмехь боккха доьзал кхиъна,
Къано бакъ-стаг хилар халкъана хиъна…

ТIехь-тIехь воккха стаг гIайгIано хьийза во,
Жимчохьлера хене ойлано вада во…
Дагаоьху цунна берахьлера хан,
Даьзна аьзнаш, дийна болуш санна.
   
Нанас ботту хьокхаман мерза чам,
ХитIахь луьйчаш, говраш хоьхкуш йоккхура чан…
Хан дIауьду доьда татол санна,
Хи чура боьрахь* санна юьтуш яхан заманан лар.

Хастам бу вайн Далла ирсах хьаьгна вац!
Яхна ханна Iеткъаш дагахьбалам бац!
Амма цкъацкъа буса мохо дитташ лестадо,
Къано гIийла ойланашка волий – Дена сагатдо…


17.08.2022


_______________________________________
*Боьра – Хи охьаихана даьлла долу харш.


Рецензии