Гезгмаша

Цхьа стаг довдеш хилла шен зудчанна,
Лела ца йо х1усам цъена, бохуш 1ахьа,
Чоьнаш йуь моссу а ченашха йуьзанна,
Йиттин йац сан бедараш, кхун шарахьа.

Гира цунна маьнген бухахь йоккха гезга,
Т1ейуьха охьатаь1ча  шен шинна мачан,
Дехар дира сагалмато ма хила са к1езга,
Дов ма де сел луьра олуш, хьайн зудчан.

Хилла соьца иза къинхетаме къаьсттина,
Даима цуьнан дикаллех беш йуь тамаша,
Шин шарахь маьнган к1ела нуй ластийна,
Бала ца бина цуо суна бохийна гезгмаша! (С) 01.10.22.


Рецензии