Масла1ат

ГIордазах заза  дожжалца аьрха лулахой,
Д1асаийзо  г1елбелла кхена дозан керта,
Вовшенца г1иллакхах а боьхна, долахой,
Къаночун т1ебахана, кхача цхьана берта.

Б1е шо долуш воккхачу стаго ладоьг1на,
Аьлла, ма х1отта иштта к1оршаме холчу,
Къовсаме  лаьттах, къена лерг а доьг1на,
Дуьйцур ду бакъдерг, вига со кхаш долчу.

Воккхачу стаго 1аьржачу лаьтта а воьжна,
Тергаме  лерг ирдира, меллаша ладуг1уш,
Ши  лулахо а д1асецира, ойлане а воьжна,
Х1оранниг шен-шена, кхоанна ладийг1уш.

Хьекъалчо  дош элира, хьала айъина гола,
Собаре лаьтто  д1аала боху, шуха доьлуш,
Цкъа а паччахьашна а ца  дахана ша дола,
Шуьшиъ шен долаварна, дац шеко йолуш.

Иза хеззашехь ши довхо  бехказа а вахана,
Маракхетта вовшенна, къинт1ера а волуш,
Воккхачу стаган хастам а беш, г1адвахана,
Шайна диначу масла1атах, самукъадолуш! (С) 15.12.22.


Рецензии