Йовхарш

Аьтто мичахь лаха айс-сайга хетта,
Г1ам-г1им деш наггахь, велакъежа,
Ларамаза иза чубожарна сан керта,
Сатуьйсуш к1орда ца до ара хьежа.

Аьтто хилийта х1ун да деза хеттича,
Тхан юртара пох1ме куьпчичо элира,
Йовхарш  тоьхна а, бахьана ца дича,
Цхьа а кхиам шена гучу а ца белира.

Тахана сарахь, г1ийла ойла литтуш,
Саг1ин хингалш луш цхьа зуда гира,
Йовхарш тоьхча, суо вуйла хаийтуш,
Нана-доккха хингал цуо суна делира.

Хилла говза пхьар х1ума дика хууш,
Т1оьрмиг чу беза, кхана чуха билла,
Аьтто лаца сих-сиха йовхарш тухуш,
Ламанан  некъахула веза  хьалатила! (С) 18.03.23.


Рецензии