Ломара схьаваьлла...

Ломара схьаваьлла,
Аренца кхиъна,
Ломан воI,
Вешин воI регIан
воцург ахь
                Нохчийчохь лехахь,
Сан цIенна йамартло лиъна,
вогIу хьо —
                кхаьчна ма валарг!

Ломара схьаваьлла,
Аренца кхиъна.
Органах чекхваьлла,
Терка тlе кхиъна.

Хьалара хоьттий ахь?
Хьалара веца!
Охьара хоьттий ахь?
Охьара веца!
Бохь а бу,
Бух а бу
              сан хьуна бийца.

Ломаний,
РегIаний
              йуккъехь ву хьуна.
Лам — цхьа там,
PaгI — важа,
              ши тIам бу хьуна.

Органан воI велахь,
Вешин воI Теркан
воцург ахь
                Нохчийчохь
ма леха эрна...
Ломара хоьттий ахь?
Ламаро веца!
Арара хоьттий ахь?
Арара веца!
Лам а бу,
PaгI a йу
              сан хьуна йийца.

Малхбалехь малх гIотту,
Малхбузехь — бузу.
ГIоттуш а,
бузуш а —
          ша берг бай малх-м...
Йа «хIун бах» хоьтту ахь?
«ХIун бах» а веца!
Йа «фу ях» хоьтту ахь?
«Фу ях» а веца!
Вешица
             ваша ву
                сан хьуна вийца.

Малхбузехь воI волчух
Малхбузехь хьаша
                тхох цхьаъ хьо ван гIертахь,
хьан бIаьрг ма буза-кх
диканах!
ХIума дац
                хьан чохь
                со ваша.

Абдулаев Леча 2002 шо


Рецензии