Iуьйре
Маьлхан зIаьнарша серло, йовхо ло.
Беркат дохьуш, вайна Iуьйре еъна,
Дуьне, Iалам Iуьйренца даьнло!
Набарх дуьйлу адамаш, олхазараш, чIерий,
Сама дуьйлу сагалматаш , динаташа, хьелий!
Дуккхаъ бисна Iуьйренг бовлаза хене –
Рицкъ чекхдаьлла, кхачаза кху дене...
Дуьне дара Iехош, цхьацца бахьнех,
Моьттуракха, Iожал генахь ю...
Дозалш дора бахамах, дуьнен даьхнех,
Хьана моьттура, дерриг дуьсур ду?!
Дахар доьрзуш, чаккхехь – Iожал йогIу!
Iазраил-Малик, цIеххьана хьошалгIа догIу...
Ца къеста во цо: жима, воккха, къена –
Массо адам кхочур ду цу хене!
Доьху доIанц, Дала вай лардойла,
Дуьне дитна, эхарт вай ма гIойла!
Тоба дина, къиношна дохко довлаз,
Иманчу вай дахказ, дине дерзаз!
Доьху доIанц, Дала вай лардойла,
Дуьне дитна, эхарт вай ма гIойла!
Дагна баьзнарш ганза, вовшех кхетаз,
Марзо эцаза, доггаха къинтIера довлаз!
Цундела вай хили вовшашца мерза,
Вовше лоруш хили вай тахна?!
Къинахетаме, терго еш цхьажимма,
Дезаш, юккъер хьагIнаш дIайаьхна!
ХIора де вай тIеххьар хила тарло,
IиндагI санна Iожал юххехь ю…
Вешица, йишица марзо ларъян еза,
Вай гулдалар тIеххьара хила тарло!
Доггах Деле кхойкхуш дехарш делаш!
Цуьн къинхетам доза доцуш бу...
Iуьйренга ваьлчо – Далла шукур делаш!
Суьраьнга мила волу – Цунна хууш ду!
26.08.2021
Свидетельство о публикации №123031606563