Цхьаъ сийсаз...

Цхьаъ сийсаз ца вича,
Вайн сийлахь вацахь,
Коша тIе ца ваьлча,
Вайн лекха вацахь,
Умматан дегI декъна,
Тобанан хилла,
Лекха хир ваций ша,
Сийлахь хир ваций.

Ломан йуьхь ца йаьхча,
Охьара вацахь,
РегIан йуьхь ца йаьхча,
Хьалара вацахь,
Даймехкан дегI декъна,
КIоштан стаг хилла,
Хьан воI хир ваций ша,
Ваша хир ваций.

Ворда ца йоьхча, кхин
Дорс хуьлуш дацахь,
Сту белла ца хилча,
Пхьор хуьлуш дацахь,
Мохк бухуш кхаьчначу
Байн декъах тешна,
Вуза а ваций ша,
Виса а ваций...

Абдулаев Леча 1998 шо


Рецензии