Хьан йи хьо...
Хьуна дай хIитта,
Хьо оьшурш, цаоьшурш
Бохуш, нах литта?
Мила йу хьан нана,
Мила ву да а?
Мила ву, хьо йекъна,
Кхаьчна верг дакъа?
Мила ву гергара,
Мила ву хийра?
Мила ву каш хьарам
Хьан лаьттан кийрахь?
Мила ву йукъархо,
Хьуна тIевало?
Муьлш бу и устазаш,
Хьо йеза Iамо?
Мила ву уьш эшнарг,
Хьан сих са дага?
Мила ву уьш лехнарг,
Хьан сих са къага?
Милла а ву, амма вац
Шарипан Леча.
Цхьа а вац цунна дарс
Хьеха йа эца.
Суна ца эшна хьан
Дозаллийн дареш.
Сан дог ов хилла хьан
Эшамийн, дарийн.
Суна хьо, Нохчийчоь,
Йеза ца йезна,
Эша а ца эшна —
Суна хьо лезна!
Абдулаев Леча 1998 шо
Свидетельство о публикации №123031503937