ДIа ву-кха...

ДIа ву-кха — шена ма-луъу.
Шена ма-луъу дIа ву-кха.

Шена ма-луъу ву деца.
Шена ма-луъу ву стеца.

Цу буу шена ма-луъу.
Ма-луъу лейо цубуу.*

Шена ма-луъу дIахохку.
Шена ма-луъу схьахохку.

Ма-луъу шеца схьахилча,
Вела а, велха а кийчча,

ХIотта а, латта а кийчча,
Вожа а, варжа а кийчча,

«ЙуьхьIаьржа», «йуьхькIайн» шен доцург,
Шен куйнан меха ша воцург,

Шех хин йерг хьанна а луъург
ДIа хир ву... шена ма-луъу.

Абдулаев Леча 2002 шо

___
*Бага


Рецензии