Бамба
Т1ера вац къамелашна дукха,
Тийналла йезаш хиларх корта,
Сатохар лергаш д1а ца дукъа.
Цхьаммо ца гуш шийла дог1а,
Кегийра, шена цахуург цуьрга,
Ца сецча шех б1обулу ц1ог1а,
Д1атилира, куьг цалуш цуьнга.
Шолг1ачо, ша-шех воккхавеш,
Эвххьаза хьийзадеш дозалла,
Тидира дешнаш а ца кхоадеш,
Дег1ан пайден хилара озалла.
Майдане вахча нахе ладог1а,
Даима а хеза-кх сонта хабарш,
Наб т1ег1ерта 1аламат ч1ог1а,
К1орда а дой, даьсса шабарш.
Ца лаьа, кхин эладиташ хаза,
Парг1атдаха деза сан лергаш,
Сийсара цхьа х1ума т1еххаза,
Дагадеъна, хьакхийна цергаш.
Чуьра араволуш мичча а ваха,
Тухур ду хабаршна дика дог1а,
Беза лергах болла бамба лаха,
Сацорхьама куьйлане г1овг1а! (С) 09.11.2022.
Свидетельство о публикации №123031503845