Нанна

Массарел хазаниг,
Мазал а мерзаниг,
Малхал а сирланиг,
Цхьа аьхна йовханиг.

Дагал а юххерниг,
Уггаре герганиг,
Къинхетам боккха берг,
Сил дукха езаш ерг.

Со ирсах юзийнарг,
Баланех ларйинарг,
Дерриге хьай дахар,
Суна схьаделларг.

Халонаш гинарг,
Гаттонаш лайнарг,
Собаре хилларг,
Дикаллах юьзнарг.

Декъала хуьлда хьо,
Ирсах дог дузийла,
Везачу Далла а
Хьо дукхаезийла!


Ц1еначу даггара
Со йиначу сай нанна!


Рецензии