КIант! олий...
«КIант!» — олий, кхойкхура да.
Цхьа атта олура цара:
«ХIара диэ, дIора схьада...»
КIант-м вара тоххарехь да,
КIант-м вара тоххарехь деда.
ХIетте а бер дара ша
Къеначу шен нанна, дена...
«КIант!» — олий, ца кхойкху нана.
«КIант!» — олий, ца кхойкху да.
Кхин цкъа а эр ма дац цара:
«ХIара диэ, дIора схьада...»
Ткъа кIентан болар ду гIийла,
БIаьргаш а кхоьлина бу...
Дедех а хуьлуш ма хилла,
Да-нана дIадаьлча, буо.
Абдулаев Леча 2001 шо
Свидетельство о публикации №123031305308