ДIайухайахийша...

ДIайухайахийша тоьпаш,
ДIайухайахийша курпалаш.
ДIакхаьчна кхочург шен тоькхе,
Дехьара, сехьара турпалаш.

КIурз биллина йу тхан стигал,
Лаьттана аша а йиллина.
Даьхни ца дисна тхан дига,
Массо а цIийнах цIе йиллина.

ДIайухайахийша тоьпаш,
ДIайухайахийша курпалаш.
ДIакхаьчна кхочург шен тоькхе,
Дехьара, сехьара куранаш.

Аганаш дицделла техка,
Йицйелла леста тхан куьйранаш.
Набарех гIенаш дIакъехка,
Тхан берех дIакъехка туьйранаш.

ДIайухадахийша герзаш,
Баккхийра, кегийра паччахьаш,
ХIара къам шен цIахь ца дезаш,
ПирIунан бала би боцчахь аш.

Урс ира диса бу кхерам,
Чохь цIенкъе йиса а шера!
Шайх боьду сардам гуш эмгаран,
Тхан нанойн дегнаш ду цамгарехь.

ДIасовцайайша и хабарш,
Дехьара, сехьара тентигаш.
Ца эгош хеназа патарш,
ГIад стамлуш дита тхайн кIентий ган!..

Йишйоьхначун хезаш белхам,
Далатоьхначо сардам буллу-кха...
Да ватIа-кх, делаI, кху белхан!
Ва, ваша ватIа-кх кху гIуллакхан!

Абдулаев Леча 2001 шо


Рецензии