Лазийний?
Лазийний? Лазийна, хьаха.
Къарйеллий? Дера ца йелла!
Луъураш дуьйцийла наха —
Нохчийчоь йала ца йелла.
Йожийний? Йожийна, хьаха.
Гlоттур йуй? Ас вала дуьллу-кх:
ГIоттур йу гIоттучу малхах,
Йаха, кхин малхах ца туьлуш.
Бакъ хиллий? Бакъ хилла, хьаха.
Беллачех хьогчу вай дохуш-м...
Амма вай кхуьур ду даха...
Белларш схьабелира бохуш.
Абдулаев Леча 2002 шо
Свидетельство о публикации №123031304999