Ненан мотт
Буьйцу, хийра мотт цалууш 1аморха атта,
Дуьххьара дог хьаьстина, аганан эшарца,
Сан Ненан хаза мотт дуьхьал ву д1ататта.
Мела д1а ло Нанна, х1ора 1уьйре йоьлча,
Хастам беш цунна, даларна деза совг1ат,
Ненан маттахь вистхила, адам ца доьлча,
Цхьалло сахьийзош, ца дуьту дог парг1ат.
Нана дуьхьала х1уьтту кест-кеста г1енаха,
Жен-нехчий сискалий, сан буйнах йуьг1уш,
Зарзаро лерса хьосту зазадоккхучу хенахь,
Бераллехь санна со шеца йалта ден вуьгуш.
Цкъацца Нана дагалоьцуш х1оьттича холчу,
Гур йуьй-те хьомениг, хоьтту сихачу замане,
Йуь иза шен к1ант варе хьоьжуш, ша йолчу,
Исбаьхьа Нохчийн мотт бекначу йалсамане.
Вай Дайша кхиош т1аьхьенан схьакхачийна,
Нанас марзбина Нохчийн мотт, ирс ду бийца,
Иза муьлха а кхечуьнца сан дола хьарчийна,
Олаллийн дуьне схьаделча а реза вац хийца! (С) 09.11.22.
Свидетельство о публикации №123031208704