Х1уш!
Аьхкенан мелачу махо хьестош,
Урамехь буьрка а идош воллуш,
Йо1 йара йог1уш чъаба лестош.
Иза гича д1атийна, инзарвелира,
Нийсархочун сибат хийтира хаза,
1ада а вина, буьрк карар йелира,
Иштта исбаьхьа сурт, дара ганза.
Йуьхь т1ера хьацар д1ахьаьккха,
Вахара со, иза мича йоьду хьажа,
Х1уш духку Бабица, аьхке йаккха,
Йеъна хилла йо1 цунна т1ехьажа.
Синтем байра, йо1 а гуш г1енахь,
Х1уш эцарах бахьана а кхуьллуш,
Денна а идира маьрк1ажа хенахь,
Х1уш эца, йо1 гича ирсе а хуьлуш.
Йо1о делла х1уш кисан доьхкича,
Дог детталора самукъане доьлуш,
Цуьнан Бабас, уьш суна доьхкича,
Де хетара ахча дожийна, доьлхуш.
Аьхке идира, безамо ойла ловзош,
Ца дуу х1уш жима гале гулделира,
Ц1еххьана йайра ио1 дог къовзош,
Ураме ца волуш кхо бутт а белира.
Жима ву а къена ву а, ца хоьржуш,
Безамо шен дашо пхерчий кхуьссу,
Йицлура йоцу аьхке йаре хьоьжуш,
Иштта пха схьалаца, даго сатуьйсу! (С) 17.07.22.
Свидетельство о публикации №123031208588