Йиъ зуда
Кхаъ балхахь хьацаран дукъ цуо д1алаьцна,
Тхоьга веъча уьш болуш, ша сийлахь хеташ,
Дозалла деш пекъаро, дуьйцу царах лаьцна.
Х1ора зудчунна ц1ерш, майрачо ша тиллина,
Хьалхара Аьхке йуь дов лоьхуш, бат а йесте,
Шолг1аниг Гуьйре йуь б1аьргаха хи диллина,
Кхоалг1а луьра 1а, йиълаг1а лепарг Б1аьсте.
Аьхке йуь хийцаме т1ех хьаьдда шура санна,
Цуьнан сихачу амалан, майрачо са ца детта,
Даьлча оьг1азалла хьейеш мелла а бахьана,
Аьрхачу зудчунна т1е цуо буьрса мохь бетта.
Шозлаг1а зуда Гуьйре, буса а, д1а ца йижуш,
Уг1анца гучу а бохуш мокха, т1еда дегабаам,
Дог1анан б1аьрхиш хуьлу 1енадеш, тийжуш,
Мелла а майра караверзо хьулбеш дегалаам.
Кхоалг1а зуда 1а йуь йовхонах гена йуьйлуш,
Чиллан батто санна туьйш йоцу кеп х1иттош,
Г1орийна кхача хьалхахь майрачун буьллуш,
К1айчу хьовлаца шийла чайнан кад х1иттош.
Йиълаг1а, жимах зуда Б1аьсте йуь схьаийна,
Куьйгана говза, дагна ц1ена къамелан мерза,
Зезаго аре санна хазйина, цуо керт къагийна,
Хьог1анца эмгарш цуьнга резайоцуш къерза.
Т1аьххьар, ша хаза ц1е тиллин зуда Б1аьсте,
Цхьаъ бен ца йеза курчу лулахочун билгалла,
Цунна бен ца хуьлу догойла, даима д1айасте,
Оьздачу зудчо д1асаг1атторна, шен дикалла.
Йиъ зудчуьнга хьийзадайта дог хилча а кийча,
Зурманца лехча а ца кардо тарвалар бертахь,
Ламанан наггахьлера зезаг санна, зуда хилча,
Кура х1унда хуьлу кхин кхоъ лелорха кертахь? (С) 15.02.23.
Свидетельство о публикации №123031208194