Бакъдерг

Бераллехь баккхийчаьрга дора ас цхьа  хаттар,
Х1унда ца хуьлу бакъдерг шуьрра д1адиллина?
Ца йезча х1ан-х1а, баркалла а олуш  д1ататтар,
Шура тоьхна гарзанаш, гича х1алхахь йиллина!

Б1аьрг 1оьттин п1елг гур боцу, бодане 1аьржа,
Кхо уьстаг1 бигна лулахо, тебаш гира, селхана,
Цхьаъ цуо суна белира, сихха гонаха хьаьжжа,
Пурба дац аьлла нахаладаккха, гинарг  тахана.

Бакъдолчо сатассалца цасоцуш кор делхийра,
1уьйран наь1 йиллича, иза суна мара иккхича,
Лулахочуьн кхаъ ведда цуьнан керта эккхийра,
Бакъдерг дохка деши лахь а, вац аьлла  кийча.

Шек д1а-а вац, мекара нах схьахьежарха гома,
Шалхонашца уьйр хадайо дера уьш човхабеш,
Ницкъ белар-кх харц нах хьокх бетташ стомма,
Лахка церан гезгмашош марс лестош бохабеш! (С) 25.02.23.


Рецензии