К1айн гаьнгали
Сайн йезар гира, 1аламат самукъадолуш,
Ч1об санна тассавелла, гаьнгалин генаха,
Тобалкх луш велакъежира йеза хьо олуш.
Лерга делхош, цуо соькан мохь хьаькхара,
Ма г1ерта новкъа буьнжоьлаг аьлла хехка,
Д1авала хьайн сийначу зезагца т1аьхьара,
Кхун аг1ора г1уллакх дац деса дарц лехка.
Самаиккхича кор делхош дарц дара уг1уш,
Дагадеара, иштта г1ан дуьхьал ца тисийта,
Лехча цхьанхьа хилахь к1айн гаьнгали гуш,
Диг диттина, дамар дарц цунах д1атисийта.
Ирча г1ан д1адуьйцуш йезачу йо1е тахана,
Ладар дара тховт1ера доьлхуш охьа1енаш,
Элира цуо йелайелла хьо воха дац бахьана,
Д1ахьура бац вайн безам 1овдалчу г1енаш! (С) 28.02.23.
Свидетельство о публикации №123031207994