Совг1ат!
Йуьхалург йуь кховдина дуьненан беш,
Лела хьомечу бешахь стоьмаш гулдеш,
Деза декхар сайха латийна хастамбеш.
Реза ву кхи-а ваха, дег1 къандаллалца,
Д1адахана де, суьйренна дага а уьхуш,
1уьйрен дуьйнахь буьйса т1ейаллалца,
Т1охе сайн 1индаг1ан т1аьхьа а уьхуш.
Чолхе ду махетта, д1анисда шен дахар,
Кхолламан нийса некъ беза схьакъаста,
Т1ехдика совг1ат ду-кх, дуьненчу вахар,
Билггал кийча вац, цуьнца д1асакъаста! (С) 21.02.22.
Свидетельство о публикации №123031207583