***

Ойла хили байташ язъян
Сан дуьненан х1уманах.
Коьртехь эзар бийцам луьсту:
Дех-ненах... я 1аламах...

Ткъа ойла сан цхьанхьа йоьрзу,
Юха хьовззий кхечанхьа..
Т1аккха иза чолхе хилла
Яха масса генна д1а.

Ванах сан сагаттдеш х1ума
Хила а ца хилла те?!
Тахкош йолу йо1 д1айижча,
Хьалахьаьжи со батте.

Х1ар дуьне ма мерза дац-кха
Кхунах байташ язъян ас.
Мел ч1ог1а ахь ша хьистича
Кхунна ца хаьа ян бен вас

Х1арам аса байташ язъян
Хьакъ ца хилла хиллане..
Берриге а безам - Цхьаьнга,
Кхоьллинчуьнга х1ара дуьне!!!


Рецензии