Ченала хьакхаво...

Ченала хьакхаво,
Ваа дог хилча.
Тилла во, акха во,
Вехка дог хилча.

Буьйсанах де а дой,
Дийнах йой буьйса,
Ша туьллий, цIе а йой,
Цу цIарца вуьйцу.

Ша диннарг бахьна дой,
Ахь дийнарг хьоь цо.
Ша белларг мах а бой,
Хьан корта оьцу.

Ша-шена бакъо лой,
ЦIе йуьллу цIийнах.
Хьо — харц, ша бакъ а вой,
Карчаво цIийла.

ТIаккха шен кхиамийн
ЖамIаш дан хIутту.
Ца гуш хьан «иъ» ва «миъ»,
ДIа холча хIутту.

Кегийчу, йаккхийчу
Чевнех ца Iеба.
Мел кIорга даьккхинчу
Кошах ца Iеба.

Зударшца рагI къуьйсуш,
Ваьлла цхьа коьртах,
Ша валхош, ша вуьйцуш
Хьо ган и гIерта.

Ткъа хIетталц, хууш ву, —
Хьан латкъам боцуш, —
Хьан каш тlе волуш а,
Ша тоьлла воций.

И мостагI хууш ву,
Шен мостагI вийццал.
Дийна дIавуллуш а,
Цунна ца цIийззал,

Стогалла йисна и
Собаре къонах
ГIоттур вуй, вирзина
Массо а вонах.

Абдулаев Леча 2000 шо


Рецензии