Кавказан къам
аьлча, ша тIехтохам бо моьттучуьнга а, и шена тIехтохам лоьручуьнга а.
Дай, ваший хьакхица валларг,
Дегбаам вай хIунда бора?
«Кавказан къоман нах» аларх,
Йуьхь йага вайна хIун гора?
Диканна бохуш дуй, даций,
ХIун бен ду, бохург бакъ хилча.
Вайн йоллу цIе, дукъ тIелаца
Вай маца хир ду, ткъа, кийча!
Кавказан къоман и «лица»
Вайна хIун тIехтохам бара!
Эхьдерг вай ма-дарра дийцахь,
Эхь деца, ца дахь вай даре:
«Континент
Кавказ-м
йу дера,
Долуш ду кавказан къам а.
Ду дера тхо-м ворхIе дех а,
Латта бух бу,
гIатта — тIам а!
ГIебарто, гуьржи, кхиберш а,
Вовшийн тхох цхьа а вац хьаша.
Вешин ду вовшийн куьг, белш а.
Меттиг бац кхардамех даша...»
Даре до бохург-м хIун дара,
Сий лоьруш, дIакхайкхадо-кха,
Далла — вайн и кхоллам барна —
Хастамбеш, верца сайн воккха:
— Дац шуна Iеб-себбал* отказ,
Дац шун йа пусар, йа хама:
Континент йу дера КАВКАЗ-м.
Ду дера Кавказан-м къам а!..
Абдулаев Леча 2002 шо
______________
*Цуьрриг а, жимма а.
Свидетельство о публикации №123030202314