БIаьсте

БIаьстенан хIаваъ арахь даьржина,
Маьлхан зIаьнарш стигал къагийна,
Дуьне дохлуш йовхонах ца Iеба,
БIаьстенга са тесна дерриг Iалам деха.

Бай тIехь соьналла куза санна Iуьлла,
ДогIнах Iаьбна латта цIанделла.
Диттийн генаш заззийн патарш тесна…
БIаьстенан хьожано дуьне хьулдина!

Жимчохь санна вада ойла лаьтта,
Ирсен бахьнац дагчу йовхо кхетта…
Воккхаве со бIаьстен хазаллийна
Набарх долуш дуьне даьнлуш тийна!

БIаьстенга довлар доккха ниIмат хета,
Унах къаьсташ догIмаш толуш ду!
Синош Iабош Дала вайн ницкъ лойла,
Беркат дахьаш еъна бIаьсте ю!

12.03.2022


Рецензии