ДIахьовзадарх...
И сан Туш-Пхьа схьагуш йац кху лаьттахь.
Жайнаш догу, тептарш догу цIарах.
Бехк а бац цу кIуьрлахь и цагарх а.
Амма цIергахь догуш дац-кха иэс сан.
Шерийн лорах кхерста иза ткъесах.
Азатйолий шерийн боданера,
Къега ойла, сан некъ гойтуш шерра.
Кхо бIе шо йа диъ бIе шо ду, тов,
Ас сайн маршо лоьху хIокху лаьттахь.
И ас лоьхург маршо а йу, тов.
Историно со бовваьккхи атта-м.
Диъ бIе шо, тов! —
И ма хан а йу!
Маршо лехар —
Ма Iалашо йу!
Сан хан йу-кха азаллера дуьйна
Абаде дIакхаччалц, хаа шайна.
Хаа, ибн Адам цIе а йуйла.
Сан маршо а
йийна йаьлла йац.
Цхьана дена
дIайелла а йац.
Цхьаьнцца а тIаккха
Къийса йезаш а йац.
Тоийтал цкъа, хIай, иблисан тIаьхье!
Хьан истори суна кхин ца тов.
Йитал суна и сан йуьххьий, йаххьий.
«Майра ву хьо,
къонах ву хьо», — бохуш,
Ахь тIараш мел туьйхи,
ас бохь бугIуш,
ТIех дахделла хIара шайтIанийн той.
ХьашлагIа* йуьллу-кх, луьург боле хIоттош,
ХIай, иблисан тIаьхье, декъаза:
Къонах-м хIун ду, пайхамарах гIоттуш
Гур йу хьуна Нана-ДегIаста.
ДІасахьийзо оьшуш доцуш карта,
Нохчийн Туш-Пхьа гур йу хьуна лаьттахь.
ХIара дуьне шен семан тIехь мел лаьтта,
Тептарш кхойкхуш, жайнаш кхойкхуш иэсехь
Йехар йу-кха нохчочуьнан цIе сан!
ХIай, ватталхьан,
са ма даIалахь,
Гур йу хьуна Iелам къонахалла...
Гур йу хьуна
хьекъалх йогу йахь!
Абдулаев Леча 1998 шо
_____
*Къовсалуш йуьллу хIума (пари).
Свидетельство о публикации №123030102482