Историн дарсаш
ЙуьхькIам боцу дерг хьулдеш,
Историна дарсаш хьоьхуш,
Цхьа дай бу шайн белхаш беш.
Йохье буьйлу, тешаш хIуьтту:
Цу историн ченашлахь,
Царна гергахь, цхьа гIант хIоттол
Меттиг йац «чеченашна-м».
Массо да а церан хилла,
Macco цIе а — церан цIе.
Ткъа хьо, нохчо, ден ца хилла,
Iийса* санна, — ненан бен.
ХIун дер тIаккха? Къолам, кехат
Цкъа вайн цIахь а цIера хир,
ПаргIатдевлла деша, хьеха,
Даш-молханан йижна гIир.
ДIайер йу цкъа нохчийн наной
Берзалошца бехка хан,
ЦIоькъалоьмо йукъахдахар
Нохчийн берийн маьрша г;ан.
Боькъур бу цкъа, заррат* санна,
Мохьмаде* бистхилла кхер.
Гуттар — хала, гуттар — дала
Хьан йинера вайна кхел!
Кху дуьненна хетарш дохош,
Хир ду нохчийн кIентан Iар...
Малик хуьлий, лаьтта вогIуш,
Эвлайаъ хуьлий, воьдуш дIа.
Абдулаев Леча 2002 шо
*Iийса-пайхамар (I. С.).
**Атом.
***Мамакаев Моьхьмад, нохчийн гоьваьлла поэт, йаздархо.
Свидетельство о публикации №123022802377