Кхин цIий а...
Кхин мохь а ца туьйхи тIаьхьа.
ЦIийвалар муьргашна дита.
ДIавоьдург дIа а вахийта.
КъинтIера ма ваккха ахь и.
ЦIий ма ло, ма кхайкха тIаьхьа.
Бехказа хьуо витчахьана,
Бехказа хила хьо хьайна.
Лазийчий бен, хьо ма велха.
Кхерийчий бен, хьо ма воха.
Дог лазар йа и дог дохар —
И цамгарш-м, хьаха, йац дилхан.
Абдулаев Леча 2002 шо
Свидетельство о публикации №123022602424