Ваьккхина...

Ваьккхина ваьллаверг,
бохь бугIий, воьрзу.
ДІавала ца кхета
ваккхаза волург.

Кхайкхина веънаверг
дIавоьду мерза.
ДIаваха ца гIерта
кхайкхаза вогIург.

Довдийриг сацор ву
цуьнца довдарца.
Хала бIо беца, ткъа,
ца дехна орца.

Шен бакъо йоьхучо
дукха ца доьху.
Хала ву хьан метта
хьан бакъо лоьхург.

Абдулаев Леча 1998 шо


Рецензии